ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эскархо вийнарг лоьхуш ву Дагестанехь


Росгвардин эскархо вийна аьлла, шеконашка эцна спортхо Якубов Хаскил лоьхуш ву Дагестанан полисхоша.

"Лаьмнашкахь, я лулуарчу республикехь лечкъина хир ву иза. Иза къайлавоккхур волуш дукха бу Якубовн бевза-безарш. Ишта толлуш ду, цуьнан ваша Мохьмад юкъара хиллий а", - хаамбина "Керланаш" агенталле ницкъаллийн структурашкарчу хьостано.

Полисхойн информацица, ХIинжа-ГIаларчу цхьана клубе шен накъосташца самукъадаккха веана хилла Росгвардин белхахо Рамазанов Мурад. Оццу клубана хьалха юкъаметтигаш къесто кхаьчна самбон дуьненан чемпион Мачиев Шахбан а, чуччабаханчу латарийн чемпион Якубов Хаскил а.

Дов дижо Iалашонца юкъагIоьртинчу Рамазановна иттазза тапча йиттина цхьахволчу спортхочо. Рамазанов велла, Мачиев дарбан цIийнехь ву чолхечу хьолехь.

Бехкевийриг гIаттамхошца уьйрашкахь хила а тарло аьлла, шеконаш ю полисхойн. 2016-чу ушарахь Дагестанерчу Унцукулан кIоштан кхело дов листира вежарийн ЯкубовгIеран Хаскилан а, Мохьмадан а. И шиъ бекхевора, бакъо йоцуш герз лелорна а, гIаттамхойн тоба вовшахтохарна а. Цхьана артиклца арахь яккха хан туьйхира цу шинне а, шолгIачуьнца бехказваьккхира.

Делахь а масех шо а ду вежарий Унцукулан кIоштан антитерроран комиссино шайн чоьтехь латто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG