Наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевинчу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан довхаттар дIахьош ду Шела кIоштан кхелехь. Яхначу кхеташонехь бакъонашларъярхочо дийцира, шена дуьхьал гIуллакх муха долийра. Адвокато Заикин Петра ма дийццара, ша шозза сацорах дийцира Титиевс. ШолгIа дIалоцуш, юха хIоттийна сурт хиллера и.
"Мемориалан" пресс-секретаро Орлова Юлияс бахарехь, Титиевс дийцина хилла, ша дIалаьцначу шолгIачу дийнахь скотчца дIа а вихкина, шена тIехь ницкъбан Iалашо церан хиларх. Амма цIарца вавзуьйтуш воцчу, хетарехь, лакхарчу даржхочо ца магийна хиллера цунна тIехь Iазап латто.
Карарчу шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев наркотикаш латторна а, яржорна а. Шена дохку бехкаш тIе ца лоцу бакъонашларъярхочо. Шен машен чу наркотикаш полисхоша кхийсина ю аьлла, чIагIдо цо.
ТIепаза байна нах схьалоьхуш, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь нах байарна бехкенаш лоьхуш ша бен болх бахьана долуш шена дуьхьал долийна гIуллакх лору Титиевс.