ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а латтанаш минех цIандан кхи а кхо шо оьшу


Мел лахара а кхин а кхо шо хан оьшу Къилберчу тIеман гонашкарчу саперашна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш минех дIацIандан. Хьаннийн, лаьмнийн 6 эзар гергга территори юкъаерзийна минех маьршаяккха. Инженерийн эскарийн хьаькамо Нестеренко Александра бина и хаам.

2012-чу шарахь дуьйнна теллина сапераша шина республикан 20 эзар гергга гектар латтанаш.

Царех 17 эзар Нохчийчура, 2 эзар гергга ГIалгIайчуьра, хаамбина REGNUM агенталло. Оцу ворхI шерачохь лаьттах йоьллинчуьра 35 эзар мина а, хIоьънаш а хIаллакдина.

Субъекташкахь минаш дIайохуш ю Нохчийчохь куп тоьхна, лерина кхоьллина инженерийн эскархойн тоба. Ишта саперашна гIо латтадо Iамийначу жIаьлеша а.

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а латтанаш минех цIандарна 3 эзар гергга эскархочунна совгIаташ дина 2012-чу шарера схьа дуьйнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG