ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиев: Дуьненаюкъарчу организацеша нийса жамIаш ца до, хIетте а тхо кийча ду уьш тIелаца


Нухажиев Нурди
Нухажиев Нурди

Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах болу хаамаш талла Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно (OSCE) "Москох кхоьллинчу механизмех" вистхуьлуш, Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис регион йиллина ю аьлла дуьненаюкъарчу организацешна.

"Амма цхьабакъду - нийсо ца лелийна цара цкъа а шайн жамIашкахь. Цундела тхо хIинца а ца теша уьш объективе хирг хиларх. Шайн цхьа Iалашонаш ю цара хьалхаяьхна кхобуш, "Москох кхоьллина механизм" Оьрсийчоьнан политикехь а, экономикехь а тIеIаткъамбан Iалашонца вовшахтоьхна керла форма ю. Сан шеконаш ю, Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашца церан бала хиларх. Царна бахьана а деза, царна инструмент а оьшу", - аьлла омбудсмено.

Амма мухха делахь а аьлла, тIетоьхна Нухажиевс, Оьрсийчоьно даим кхочушдина дуьненан юкъаралло тIедехкина декхарш. Ишта шаьш кийча ду аьлла цо, ОБСЕ-н делегаци тIелаца.

"Москох кхоьллинчу механизмехь" таллам дIабахьа деношкахь сацамбира 16 пачхьалкхо. Нохчийчохь юристаша лохур бу нах байарх, лецарх, хьийзорах лаьцна цигара даьржачу аьрзнийн бух.

"Мохкох кхоьллинчу механизмца" 6-зза таллам дIабаьхьна Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно. Царех цхьа таллам айбинарг яра 1999-чу шарахь Оьрсийчоь – Атлантикан альянсо Югославехь дIаяьхьначу тIеман операцин ларш теллира оцу механизмца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG