ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иванишвилис дIалур ду нехан декхарш. Амма харжамаш дIабирзича


Декхарш дIалур ду "Гуьржийчоьнан сатийсам" боламан куьйгалхочо Иванишвили Бидзинас кхоьллинчу "Карту" фондо.
Декхарш дIалур ду "Гуьржийчоьнан сатийсам" боламан куьйгалхочо Иванишвили Бидзинас кхоьллинчу "Карту" фондо.

Керла шо тIекхачале Гуьржийчуьрча 600 эзар вахархочуьнан декхар дуьтур ду Iедало. Цунах лаьцна дIахьедар дина гуьржийн премьер-министро Бахтадзе Мамукас. Оппозицина хета иза харжамхошна кхаъ балар ду аьлла, яздо Маршо Радион Гуьржийн сервисан "Эхо Кавказа" сайто.

Гуьржийн премьер-министро Бахтадзес дийцарехь, бахархойн метта церан декхарш дIалур ду "Гуьржийчоьнан сатийсам" боламан куьйгалхочо Иванишвили Бидзинас кхоьллинчу "Карту" фондо (Иванишвили ву президентан харжамашкахь оппозицин кандидатца Вашадзе Григолца шолгIачу муьрехь къовсалуш йолчу Зурабишвили Саломена тIехIоьттина).

Декхарш дитаран акци хир ю ГIура-беттан 16-чу дийнахь дуьйна хIара шо чекхдаллалц.

Премьеро Бахтадзес дийцарехь, нехан 95% декхарш ду 2 эзар ларел а лахара барам болуш. Дуьйцурш ду банкашна а, онлайн йохкаэцаран компанешна а, кхин йолчу а финансийн институташна нехан дIадалаза дисина декхарш. Иза дерриг а 1,5 миллиард лари ахча ду, боху премьер-министро.

Оппози реза яц Iедало лелочунна. Иштта, парламентан "Къоман болам" фракцин куьйгалхочунна Гоциридзе Романна хета, иза цхьа а доцург ду аьлла. Долахь йолчу фондо нехан декхарш дIалуш хилча, Iедалхой хIунда хьехабо цигахь, хоьтту политико.

Шайна цкъа а юхадоьрзур доцу декхарш банкаша иштта дитара хIора шарахь, боху Гоциридзес. Цундела иза президентан харжамийн шолгIа мур тIекхочуш дIяьхьна трюк ю боху цо.

Iедалан низамаш лардо органаша талла деза и хаттар аьлла, хеташ ву Transparency International юкъараллин гуьржийн декъан менеджер Натрошвили Леван.

Ткъа "Харжамаш нийсонца" боламан хьалханчана Бенидзе Михаилна хетарехь, гIо-накъосталлин фондо лелош дерг бехктакхаман кодекс йохор ду. ТIехула тIе, низамо ма бохху шайн декхарш дIалуш болчу нахана хьалха, нийсонан бакъо яйар ду аьлла, хета Бенидзена "Карту" фондо дан юьхьарлаьцнарг.

Шайн агIор Iедалхоша дIахьедар дина, "Карту" фондо низам дохийна дац аьлла. Фондо хьалха а гIо дора пачхьалкхан бюджетехь ахча ца хилча, боху цара.

Ткъа Гуьржийчоьнан прокуратуро дIахьедар дина, и хаттар толлур ду, нагахь низам дохийна меттиг хилахь, оьшуш болу сацам а бийр бу шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG