ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскна тIелатар дина ву аьлла, нохчо дIалаьцна Москох


Буденновск гIалахь тIелатар динчу Басаев Шемалан тобанехь лаьттина Черхигов Хазваха лаьцна Москох, хаамбо къайлахчу сервисаша. Болчу хаамашца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца юкъахь дIаяьхьна хилла иза лоцуш операци.

Шен 17 шо долчу заманчохь Буденновске тIелатар дина цо аьллачу, тешийн бух тIехь лоьхуш вара Черхигов. Лаьцначул тIаьхьа Къилбаседа-Кавказан Талламан комитете дIа а вигина, чувоьллина иза.

Кхаа йоккхачу машенаш тIехь а, "Жигули" автомобилца а 1995-чу шарахь 160 тIемало Буденновск гIала чуваханера, байинчу оьрсийн салтийн декъий дохьуш догIу шаьш бохуш, 52 блокпостна а, КПП-на а тIех а буьйлуш.

Талламан Комитетан зерашца, 1,5 эзар стаг лаьцнера тIемалоша йийсаре, 129 вийнера, 317 чевнаш йинера.

Бертан дийцарш бахьана долуш, закъалтхойн ах дакъа маьршадаьккхира, ткъа тIелатар динчу тобанна Нохчийчу дIабаха некъаш даьстира.

ТIелатар вовшахтохарна бехке лору Басаев Шемал 2006-чу шарахь ГIалгIайчохь спецопераци дIахьош хIаллаквира. Яккхий хенаш а йиттина, набахтешкахь бахкош бу тIелеттачу тIемалойх цхьаберш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG