ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине кехат дахьийтинчу йоIа суицид йина


Шен ненан алапа лахара ду аьлла, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире арздинчу 14 шо долчу Смоленскан кIоштарчу йоIа ша шена тIе куьйг даьхьна. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, ишта латкъамаш беш хилла цо, школехь ша хьийзайо бохуш а. БIаьрса ледара хиларна, цуьнца доьшучу бераша "циклоп" аьлла, цIе тиллина хиллера цунна.

Кхиазхочо суицид яле хьалха социалан машанехь статус хIоттийна хилла "Иштта дера стенна ду шу" аьлла.

"Смоленскан халкъан газетано" хаамбарехь, еллачу йоьIан нана меттигерчу дарбан цIийнехь санитаран болх беш хиллера. Путин Владимиран цIарах йоIа кехат дахьийтинчул тIаьхьа, дарбан хIусаман администрацино тIе а кхайкхина, бехк баьккхина хиллера цуьнгара. Газетана хетарехь, "и бехкбаккхар ца тайначух тера ду кхиазхочунна".

ТIечIагIина йоцчу информацица, еллачо кехат дитина, шен Iожаллина цхьа а вац бехке аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG