ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмад маьршаваккхар дехна адвокаташа


Хазбиев Мохьмад
Хазбиев Мохьмад

ГIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан гIуллакхца зуламан хIоттам бац, цундела иза лаьцначуьра дIахеца веза аьлла цуьнан адвокато Сабинин Андрейс. Цунна тIетайна адвокат Шаухалова Молтхан а.

Маршо Радионо яздира, гIалгIайн оппозиционеран хьокъехь кхел кху аьхка дуьйна йолийна хиларх. ТIаьххьара шинаридийнахь хиллачу процессехь прокуроро 3, 5 шо хан йийхира Хазбиевна набахтехь яккха, иштта декхаре а веш 50 эзар сом гIуда такха.

Бакъо йоцуш герз латтийна, Iедалхой сийсазбеш, къамелаш дина, социалан тобанашкахь хьагI-гамо марса а яьхна аьлла, бехкаш дехкина Хазбиевна.

Бехкаш тIе ца дуьту Хазбиевс. Шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух болуш лору цо.

РогIера Хазбиевн довхаттар дIахьур ду тIедогIучу еаридийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG