ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митингера нах къахко керла гIирс эцна Росгвардино


Лазеран эффектца бIаьрса а дойуш а, гIовгIанца адам къардолош техникан гIирс эцна Росгвардино, митинге гулбелларш дIасалахка Iалашонца. "Йиллина медиаш" хьостано бина и хаам, Стигалкъекъа-баттахь динчу контрактна тIе а тевжаш.

"Газель" олучу микроавтобус чохь дIатарйина комплекс хир ю бIаьрса а дойуш, къорвеш. "Йилина медиаш" гIирсан информацица, тIаьххьарчу шина шерачохь Росгвардино "АСБ Плюс" компанигара "Шепот" олучу системан 128 турс эцна. Оцу гIирсо гIовгIанца Iаткъам бо къепе йохийначунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG