ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаьттагIа боьду некъ къовларна сингаттамехь бу бахархой


Сунжан кIоштарчу ДаьттагI эвла ницкъахоша нах чу ца буьту аьлла, хаамбо социалан машанерчу Фейсбукан агIонашкахь.

"Федералан эскарийн тобанаш" дIагулъеш ю ДаьттагIа аьлла Дзангиев Ислама. Цо бахарехь, блок тоьхначу меттигехь иза а нисвелла хиллера. "40 минотехь ДаьттагIара ара ца бовлуьйтура", - яздо Дзангиевс. Йоккха гIовгIа эккхийтира оцу хаамо. "Там бара цигахь лаьтта бухахь лелхийтарш деш, мехкдаьтта даккха кечамаш беш хила. Цундела ГIалгIайчохь мохкбегабо-те?", - яздина Султыгов Саварбека.

2015-чу шарахь герзан кхийсарш хиллачул а тIаьхьа бахархоша дIатеснера ДаьттагIа. Делахь а, цигахь бахам биссинера церан: бежнаш, мазлагIа. Кешнаш тIехь терго латто а оьхура цига. "Кавказан узел" агенталлан хаамашца, кху беттан 20-чохь ДаьттагIа боьлху дуккха а нах дехьа ца бовлийтинера.

"Цигахь дIахьош цхьа барамаш бу элира тхоьга", - яздо агенталло, цхьахволчу вахархочо ма-аллара. Полисхоша гIиллакхе, кIеда-мерза къамел дора шайца аьлла, билгалдаьккхина цо.

ДаьттагIарчу юкъараллан кхеташонан куьйгалхочо Пидиев Мохьмада дийцина "Кавказ.Реалии" портале, оцу эвлахь бехарш юьрта чу буьтура аьлла. Масала, ша ДаьттагIахь шинаридийнахь сарралц вара аьлла цо.

"Дуьххьара дац хIара. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь а даим а полисхой лаьттара цигахь. Лерина спецоперацеш а дIахьора цигахь. Нохчийчоьнца доза тоьхна ю и юрт, гонах хьаннаш а йолуш. Кху шеран Дечкен-баттахь а къевлина бара оцу эвла боьду некъ. ХIетахь-м цига ваххане а ца вохуьйтура", - дийцина Пидиевс.

Цунна хетарехь, нохчийн-гIалгIайн дозанаш дIасахийцарца доьзна хила а тарло и хьал, "тхоьга дуьйцур ма дац" аьлла, хета цунна.

Дахначу пIераскандийнахь ГIалгIайчуьрчу оперативан штабо бахархошна карладаьккхира, 2014-чу шарахь дуьйна республикан Сунжан, Несаран лаьмнийн кIошташкахь теракташ а, зуламаш а совцорхьама аьлла, дIакхайкхийна чолхечу хьолан раж хилар. Цуьнца доьзна хила тарло бахархойн кехаташка хьежар, машенаш дехьа-сехьа йиларца тидам латтор, билгалдоккху "ГIалгIайчоь" газетано.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG