ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абадиевн жайнехь экстремизм лоьху Нохчийчоьнан прокуратурано


Нохчийчуьрчу вахархочо Инстаграмехь республикан прокуроре Абадиев Идрисан "Оьздангалла- дуьненан а, эхартан а орам бу" книга экстремизме материал юй таллар дехначул тIаьхьа, и жайна листа сацамбина Нохчийчоьнан прокуратурано. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъойн белхахой юкъа а озийна, талламаш болийна жайни тIехь.

Абадиев Идрис – гIалгIайн политик, бизнесхо, юкъаралхо, оппозиционер ву. 2001-чу шарахь арахецна цо "Оьздангалла- дуьненан а, эхартан а орам бу" книга, ткъа цул тIаьхьа 4 шо даьллачул тIаьхьа книги тIехь цхьацца хийцамаш а бина, юха зорбане яьккхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG