ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша ца вуьйриг талламчашца бертаваха дагахь хилла Царнаев


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа вен кхачийна Царнаев ЖовхIар талламчашца берта ваха лууш хилла, ша вен а ца вуьйш, велла дIаваллалц набахтехь хан яккха вуьтург, амма прокуратурано тIе ца эцна цуьнан лаам. NBC телекомпанино Iораяьккхина и информаци кхелан кехаташ девзинчул тIаьхьа, хаамбо ТАСС агенталло.

2013-чу шеран бIаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке вира, хΙеттехь лоцуш полицино вийна Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна Царнаев ДжовхΙар а.

2015-чу шарахь бехкан 30 пункташкахь Царнаев ЖовхIар бехке а лерина, вуьйш сацамбира кхелахоша. ТаIзаре ладоьгIуш, набахтехь ву иза хIинца а.

NBC телехьожийло дийцарехь, шена вердикт дIакхайкхаяле, Царнаевс ша кийча хилар дIахаийтина хилла, бехк тIелаца а, талламаш дIахьош шегара гIо латто а, ша ца вуьйриг. Прокуратура берта ца яхна Царнаевца. ХIинццалц къайлехь латтийна, кхааридийнахь Iорадаьхначу кхелан документаш тIехь ду цунах яздина.

Царнаевс бехк тIе ца лецира эххар а. Иза вен де билгалдаккхаза ду тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG