Пачхьалкхехь лаьттачу проблемех жоьпалла Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна тIаьхь ду аьлла 61 процент бахархоша. Еаридийнахь "Левада-центро" Iорадаьхначу жамIаша гойту и терахь. 22 процент респонденташна хетарехь, "цхьадолчунна" жоьпалле ву Путин. Путинан политика нийса ю, "ледара, коррупцица боьзна хьаькамаш" бахьана долуш гIуьттуш ю и проблемаш аьлла 10 проценто. "Лаамза" нислучу хьелашна бехк биллина 6 %.
Шо хьалха 55 процент хаттамбинчара дIахьединера, доллучух а жоьпалла Путинна тIехь ду аьлла. 21 проценто "юкъ-кара долчунна" бехкевира Путин.
Нагахь тIедогIучу кIирандийнахь президентан харжамаш хилча, цунна кхаж таса кийча ву 56 процент Оьрсийчоьнан вахархо, билгалдоккху социологаша.
2018-чу шарахь хиллачу харжамашкахь 77 процент кхаьжнаш кхечира Путин Владимирна.