Алдыра вахархочунна уьрсан чевнаш йина хиларх социалан машанашкахула дIасаяржийна информаци таллар тIедиллина Нохчийчуьрчу прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис.
Дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийне валийна хилла Алдыра 28 шо долу вахархо. Шайн хIусамехь дов даьллачу заманчохь дестечо аьрру хонах урс тоьхна хилла цунна.
Прокуратуран белхахоша талламаш болийна хиллачу зуламна гонах.