ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайнах цхьаьна бу" флэшмоб йолийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу бахархоша - кеп-кепарчу социалан тобанийн векалша дIахьедарш долийна нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш цхьана бертахь хиларх. ТIаьххьарчу хенахь нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь гIоьртина лаьтта хьал кхи тIе а дар ца далийта Iалашонца юкъаяьккхина ю и акци.

Бертахь, вежарий санна цхьана даха вай бохуш, видеош дIа а язъеш, социалан машанашкахь яржайо роликаш нохчийн жигархоша.

ХIора видеохь тIехь кхайкхам бо цара, #ВАЙНАХцхьанабу аьлла, хештег а хIоттош, социалан машанашкахь видеош яржаяр доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG