ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн декъехь велла 38 шо долу стаг


Москохарчу полицин декъехь барт хоттучу хенахь велла 38 шо долу стаг. Кхааридийнахь хилла и инцидент. "Москва" агенталлан хаамашца, кху аьхка къола дина аьлла, лецначу Таджикистанерчу 18 вахархочух цхьаъ ву вуьйцург. Даге лазар деанера цунна аьлла, дIахьедо полисхоша.

Агенталлан хьосташа дийцарехь, куьйгашна гIоьмаш тоьхнера цуьнан, полисхошна дуьхьало йина аьлла. Вешняки кIоштарчу полицин декъехь шега хеттарш дечу заманчохь, вуон а хилла, гIентара охьа а воьжна, велла иза.

"Керланаш" агенталло даредарца, оцу гIуллакхан хьокъехь талламаш беш бу цу полисхойн декъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG