ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин, Германин совгIат дина бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбна


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Адамийн бакъонаш ларъярна аьлла, Францин, Германин совгIат дина Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна.

2016-чу шарахь дуьйнна Францин, Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллаша юкъадаьккхина и совгIат дIасадоькъу хIора шарахь шайн мехкашкахь адамийн бакъонаш хьалхаяьхна, уьш Iалашъеш схьабогIучу бакъонашларъярхошна, яздо "Мемориалан" пресс-гIуллакххоша.

Кху шарахь совгIатан лауреаташ дIакхайкхийна ишта Китайра а, Таиландера а, Африкера а, Камбоджера а, Ливанера а, Венесуэлера а, ишта кхечу пачхьалкхашкара а бакъонашларъярхой.

Церан могIарехь преми дала хьакъ хиларца билгалваьккхина Соьлжа-ГIаларчу "Меморилан" куьйгалхо Титиев Аюб.

Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна латтош ву Титиев, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехке а вина. Бакъонашларъярхочо ша а, цуьнан накъосташа а наркотикаш полисхоша цунна кхийсина лору. Цо бен болх бахьана долуш, политикан бух тIехь долийна хета царна Титиевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG