ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь лортIехь болх каро хала ду 40 шаре ваьллачул тIаьхьа


Оьрсийчохь болх лахарх лаьцна таллам бина кху деношкахь РИА Рейтинг агенталло. Цуьнан авторша махкарчу 84 регионехь къастийна пенсе баха хан йолчу я цу ханна герга гIоьртинчу нехан болх каро болу аьттонаш.

Оцу талламана юкъаозийна хилла гIеметта хIиттина а, хан яьлла а нах: 60-72 шераш долу божарий а, 55-75 шераш долу зударий а. Карийнарг ду хIора регионехь шен хьелаш хилар.

Болх каро аьтто болчу регионашна юкъахь хьалхарчу меттехь ю, даиман а хуьлуш ма хиллара, Москох а (76,8 балл), Петарбух а (74,5 балл). И ши гIала дукха гена хьалхаяьлла кхечу Оьрсийчоьнан субъекташна. Москох а, Петарбухехь а атта ду пенсионерашна болх каро.

Уггаре лахара тIегIа гайтина Тывано а (9,3 балл), ГIалгIачоьно а (13,3 балл), Нохчийчоьно а (15,3 балл). Цу кхаа республикехь 60 шаре бевллачу нахана болх каро вуно хала ду. ДIоггара кхин даладелла хьал дац Кхарачойн-Чергазийчохь а (21,2 балл), Къилбаседа ХIирийчохь а (23,1 балл),

Жимма гIоле хьал ду пенсионерашна болх каро аьтто хиларехь Адыгейхь а (29,8 балл), Дагестанехь а (31,1 балл), ГIебартойн-Балкхаройчохь а (36,3 балл).

Ткъа Ставрополан мохк юкъабахна хьалхарчу 20 регионна (53,0 балл). Иза 18-чу меттехь бу.

Росстато далочу терахьашца, Къилбаседа Кавказехь бехачу пенсионерашна болх каро оьшучу хенан юккъера барам бу 10 бутт. Ткъа пенсин барам бу 7,5 - 9 эзар сом.

Талламехь дакъалаьцначу наха дийцарехь, ма дарра аьлча, Оьрсийчохь лортIехь болх каро хала ду 40 шаре ваьллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG