ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра жимстаг вийна Москох


Москохан Къилба Малхбалехь таксхо вийнарг шеконашца лаьцна аьлла, хаамбина "Москва" агенталле Оьрсийчоьнан Талламан комитетан гIоьнчас Иванова Юлияс.

"Талламчийн хаамашца, пIераскан Iуьйранна Угрешская урамерчу цIенна хьалха урс диттина, вийна стаг карийнера. Шеконаш йолуш лаьцна такси чохь вуьгуш хилла пассажир. Гергарчу хенахь талламан декъе дIакхачор ву иза хеттарш дан", - аьлла Ивановас.

"Москва" агенталло хьалхо яздора, "Вайн нах" хостелан хадархочо хаамбинера, шайн гIишлонна гергахь урс даьккхина, вовшахлетарш хилла аьлла. Цо бахарехь, Kia Rio такси тIехь хостеле цхьа стаг валийра, цу шинна юкъахь дов иккхира. Пассажиро таксхочунна дагах урс тоьхна хиллера, оцу чевнах иза вала а велла. Такси чу а хиина, зуламхо къайлаволучу заманчохь некъан низам дохийна цо, цул тIаьхьа автомобил Iад а йитина, веддера иза.

Нохчийчуьра 25 шо долу вахархо ву урс тоьхна вийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG