ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан ворхI субъектехь 10 процент лекхара ю белхазалла


Оьрсийчохь белхазалла 4, 7 проценте кхиъна аьлла, терахьаш далийна Росстато. Къаьсттина 7 регионехь 10 % хьаладаьлла и терахь. Ю царлахь билгалйоккхуш ГIалгIайчоь (26,3 %), Нохчийчоь (13, 5 %). Ишта лакхара гойту белхан меттигийн къоьлла хиларца къастаелла Тува (12, 3%), Алтайн республика (11, 2 %), Дагестан (10, 6 %), Кхарачойн Чергазий (10, 4 %), Забайкалан кIошт (10, 1 %).

Белхазалла лахара ю аьлла, хIоттийначу рейтингехь хьалха ю Москох (1,2 %), Петарбух (1, 5 %), Ямало-Ненецкан автономин го (1, 9 %), Ханты-Мансийск (2, 2 %).

Маршо Радионо байначу баттахь яздира, карарчу шарахь Нохчийчохь лаьттина белхазалла 2 проценте охьаяьккхина ша аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарх. Республикехь 252 миллиард соьмана кхочушъеш 485 инвестицин проект ю, уьш бахьана долуш 20 эзар вахархочунна белхан меттиг нислур ю аьлла, дIахьединера Кадыровс.

XS
SM
MD
LG