ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхеле бевлла Малайзе доьдучу кеман тIехь беллачийн гергарнаш


2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" кема Донбассана тIехула чудаийтича, цу тIехь веллачу 55 стеган гергарчара Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъамбина. NOS Нидерландийн хьостано бина и хаам.

Самолет дохорна бехке йо цара Оьрсийчоь. Москоха талламаш дIабахьа дуьхьалонаш латтош, шайн бакъонаш хьоьшу аьлла, дIахьедина цара. Оцу инцидентах дуьненаюкъарчу таллам бечу тобанна оьшу информаци дIа ца кхачайо оьрсийн пачхьалкхо, ткъа дIакхачийнарг харц ю аьлла хета царна.

2016-чу шарахь изза иск чуелира Европан кхеле Австралин, Керлачу Зеландин, Малайзин цу кеман тIехь беллачийн гергарчара а.

Стигалкъекъа-баттахь дуьненаюкъарчу талламчаша Оьрсийчоьнна тIехь ду элира жоьпалла, кема дохаран.

2014-чу шарахь Украинан территори тIехь охьадоьжна Малайзи Аирлайнс авиакомпанин Boeing 777 кема. Цу тIехь хилла 298 стаг велира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG