ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гагиев: Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан бакъо яц дозанех хаттар къасто


Оршотденна дIаяхьа вошахтоьхначу Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца дуьхьало йина ГIалгIайчуьрчу кхелан куьйгалхочо Гагиев Аюпа. Цигахь дийца лерина ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан дозанаш хуьйцуш хиллачу бертах. "Медиазона" хьосто бина и хаам.

ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан сайт тIехь Гагиевс яздина, документ Конституцин низамашкахь дуй къастор Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан компетенцехь дац аьлла. Кехат тIехь Гагиевс карладоккху, гIалгIайн Конституцин кхело сацам тIеэцна хилар. Шина республикана юкъахь хилла барт ГIалгIайчоьнан Конституцица дац, цундела и сацам кхочушбан беза аьлла ду Гагиевн йозанехь.

ГIадужу-бутт бовш куьйгаш яздира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а урхалхоша шина республикан дозанаш къастош. Оцу тIехула Магасехь митинг гIаттийра протесте арабевллачу гIалгIаша.

Лахьан-баттахь ГIалгIайчоьнан Конституцин кхело меттигерчу парламенто тIеэцна низам юха а доккхуш, тIедожийра и хаттар референдуме даккха. Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле ГIалгIайчуьрчу кхелан сацам бакъонца буй таллар дийхира Евкуров Юнус-Бека.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG