ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь лецна латтийна кегийрхой маьршабаьхна


Нохчийн кегийчу наха а, зудабераша а кеп-кепара маларш моьлуш, забарш еш яьккхина видео дIасаяьржинчул тIаьхьа, цу тIехь хилларш полисхошна гучу а бевлла, дIалецнера. Масех дийнахь чохь а латтийна, маьршабаьхна уьш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле церан гергарчара.

Нохчийчохь маларшца къийсам латтош, антиалкоголан политика ю йолийна. "Лента" супермаркетна хьалха чу-ара волург толлуш, къаьркъан шишанаш схьадохуш, ха деш бу ницкъахой аьлла, масийттазза яздира Маршо Радионо шен сайтехь.

Кху беттан 6-чохьYoutube каналан агIонехь зорбане яьккхинера вино моьлуш, буьйлуш, самукъадоккхучу нехан ролик. Вовшашца оьрсийн маттахь къамелаш до цара юьхьанца, чакхенехь масех дош олу нохчийн маттахь, дийцина агенталлан корреспонденто.

Дахначу еаридийнахь WhatsApp мессенджерехь даржийра пена уллохь лаьттачу 6 кIентан а, 6 зудаберан а сурт. "Дукха хан йоццуш яьржинчу видео чуьра бу хIорш. Гучубевлла", - аьлла, билгалдоккхуш суртаца йоьзна аудио а дIасаяржийра, яздо "Кавказан узел" агенталло.


Цхьанна а етта ца йиттина, амма сийсазе, маьттаза къамелаш дина цаьрга аьлла, дийцина агенталле церан хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG