ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца реза ца хилла Гагиев


Магас.
Магас.

ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан куьйгалхо Гагиев Аюп реза ца хилла Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт бийцаре беш Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалацала.

Цунах лаьцна цо хаам бина цу кхелан гIанден когаметте Маврин Сергейга. Гагиевс чIагIдарехь, цо куьйгалла дечу кхело ГIадужу-беттан 30-чохь тIеэцна сацам кхочуш бан декхарелахь ю еррриг а Iедалан органаш, иза хийца бакъо яц цхьана а кхечу кхелан.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа дозанах лаьцна тIеэцна низам талла дагахь ю Оьрсийчоьнан Конституцин кхел шинарин дийнахь, Лахьанан-беттан 27-чохь.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бекана хьалхо дIахьединера, Нохчийчоьнца бинчу бертаца доьзна хаттар нийсонца хилар къасто деза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG