ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 шо кхаьчна "оппозицин" тобанаша Соьлж-ГIалана тIелатар дина


Соьлж-ГIала, 26Лахь1994.
Соьлж-ГIала, 26Лахь1994.

24 шо хьалха 1994-чу шарахь, Лахьанан-беттан 26-чу дийнахь, танкашца болчу Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелатар дира Дудаев ЖовхIара куьйгалла дечу Iедална дуьхьал болчу оппозицин ницкъаша. Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша цу дийнахь.

ХIинца а билггал хууш дац, Соьлж-ГIалана тIелатар дича шина а агIор байинчу нехан терахь.

Кхин а ши кIира даьлча Оьрсийчоьнан эскарша буьззинчу барамехь дIаболийра хьалхара тIом. Оцу дийнахь галдаьлла хьал хIинца а кхочуш лортIе даза ду нохчашна юкъахь. Иттаннаш эзарнашкахь адам ду хIинца а даймахках даьлла лелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG