Дагестанехь нохчийн кIошт кхолла еза аьлла, Хасавюртахь хиллачу нохчийн 10-чу гуламехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан цу республикан цIарх депутат волчу Сайтиев Бувайсара. Цунах лаьцна яздо цу республикерчу зорбанан гIирсаш, хаам бо "Аргументы и факты" газето.
"Дагестанерчу нохчийн проблема, кхин долчу къаьмнийн санна, шайн кIошт цахилар ю", - элира Сайтиевс. Дагестанна куьйгалла деш керла нах хиларна сатийсам бу республикерчу нохчийн дуккха а хаттарш кхочуш дан аьтто хир бу аьлла, бохуш вара депутат.
Дагестанерчу нохчийн гуламехь дакъалоцуш вара 200 сов делегат, шайна юкъахь Дагестанан массо а кIоштан а, парламентан а, республикерчу къаьмнийн министраллан а, ткъа иштта Нохчийн Республикан Iедалан а векалш а болуш.