ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ яккха араволуш ву "пластикан хирург" Браудэ


Браудэ Емельян

Кавказехь гIараваьлла цхьа башха "пластикан хирург": медицинан цхьа а доьшийла чекхъяьккхина а вац иза, амма хIетте а косметологин "инновацин техникаш" йовзуьйту семинараш вовшахтухуш, даккхий ахчанаш доху цо. Цхьа 1, 5 эзар стагна хIинцале а Iамийна цо, балдаш муха совсадо. Ткъа хIинца Къилбаседа Кавказехула чекхвала дагахь ву иза. 15 эзар сом мах бу цуьнан семинаре вуьтург.

Браудэ Емельян ю цу гурун цIе. Косметологаша дийцарехь, масех шо хьалха вийцаваьккхина иза социалан машанашкахь. ХIетахь Juvederm от Allergan санна йолу препараташ нахана дIасакхоьхьуш, курьер болх беш вара иза.

Стохка Iай дуьйнна мастер-классаш а луш, воккха говзанча хилла цунах косметологин сферехь. Бакъдерг аьлча, Емельянан методика ян а ю керла, дуьненчуьрчу пластикан хирургашлахь Iораяьлла а йоцуш.

Инстаграмерчу шен аккаунтехь Браудэс яздо, ша "дуьненчохь а цхьаъ ву тIедачу Iасалгца маха тухуш верг" бохуш, оцу методико "Iаламат дика жамIаш" гойту аьлла а хета цунна.

Dermaren цIе йолчу филлерца контуран пластика ян Iамаво цо шен семинарашкахь, амма цхьа проблема ю: Оьрсийчохь регистраци йина ю аьлла, тоьхна лоьмар яц оцу препаратна тIехь. Цул совнах, шен мастер-классашкахь Емельяна юьйцу Emelianox ботулотоксин, молханийн пачхьалкхан реестрехь а яц.

Браудэн Инстаграмера сурт
Браудэн Инстаграмера сурт

Росздравнадзоре Dermaren препарат таллар дехнера журналисто, хазаллин индустрин аналитико Москвичева Еленас. Цигара даийтинчу жоьпаца, Емельян – зуламхо ву: "..косметикан продукци ю аьлла, регистраци а йоцуш, зуламе а, контрафактан а препаратех пайдаэцарна дуьхьал Оьрсийчоьнан Бехктакхаман Кодексца 238 -гIа артикл ю".

Ша шех лаьцна Браудэ Емельяна кIеззиг дуьйцу, ца догIучу дагца, амма социалан машанашкахь цо лелош масех аккаунт ю.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентан масех хаттарна жоп делира цо.

- Емельян, де дика дойла хьан! Тхан сайтан хеттаршна жоьпаш лур дацара ахь?

- Марша йогIийла! Дера лур ду-кх. Муьлхачу амплуахь хила дезаш ду вайн къамел ахь аьлчхьана, ахь боххучу тIегIанехь дийр ду-кх вай къамел.

- И муха хуьлу?

- Шоу ма ю хIара. Ткъа со МакГрегор Конор санна, ажиотаж оьшуш болх беш ву.

- Журналисташа а, профессионале косметологаша а чIагIдо, хьо корматалла караерзош, цхьанхьа а дешна вац бохуш. Бакъдуй иза?

- Оцу хаттарна ас жоп лур дац. Цхьанне а бала бац цуьнца.

- Семинарашкахь ахь пайдаоьцучу Dermaren а, Emelianox а препаратийн талламбар доьхуш, кехат дахьийтинера Москвичева Еленас Росздравнадзоре. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

- Шмакозябрийн космосерчу векалалле а кехат дахьийта йиш ю-кх Москвичева Еленин. Соьга хаьттича, цуьнан кехаташ – хьекъал доцуш, бух болуш, боцуш ден дIахьедарш ду. Шантажхо ю иза, ахчанаш дохуш ю бохуш, массеран а бага а яхна. Сайн семинар йолош уггар хьалха ас даим а неIалт кхайкхадо лоьраша шаьш ахча а луш, препараташна реклама ечу тренершна а, компанина а. Оьзда ма дац иза! Сайн цхьанакхетаршкахь ас практикаца гойту, ткъа дикачу практико хазалла кхуллу стенцца а.

- Дагестанехь йоьдучу семинарехь балдаш совсош процедура ахь йинчул тIаьхьа, шен гIуллакх юхахьадаьллера бохуш, чIагIонаш йо цхьана жимчу зудчо. Ткъа ахь сийдоцуш бага туьйхира шега боху цо.

- И аьлла стаг ван а вац. И материал Хрусталеван дехарца кечйина яра. 1-чу каналан редактор ваьллера соьца зIене, тIетовжа агIо ца карорна цара эфире а ма ца яьккхира и материал.

И нах Iорабаха, и дуьйцург бакъ доций хаийта кхуьйкхуш ву со телевизионе. Суна ца лаьа цига ваха. Бакъдерг аьлча, сох харцдерг мел дийцина журналист юьхьIаьржа-м хIоттор вара ас тIаккха. Нагахь цара дуьйцучунна шу тIетахь, 1-чу каналан эфирехь церан могIарехь йоккхур ю ас шун цIе а.

- Кхерамаш туьйсуш санна хета суна ахь...

- ХIан-хIа, кхерамаш бац, амма цхьа сонта-м гур дара шу. Ас дукха интервьюш елла, уьш массо а цхьана эшшарехь хуьлу цундела. ХIинжа-ГIалахь хилла боху истори бух болуш яц, цомгашчу Хрусталеван коьрта чохь хIоьттина сурт ду и. Кеста иск кхачор ю ас РенТВ канална дуьхьал а.

- Инстаграмерчу блогехь ахь яздинера, хьайн белхан хIусамчу кIуьран шашка хецнера бохуш. И хьан дина хир ду аьлла хета хьуна? Хьанна, хIунда оьшура косметологна тIелата?

Браудэн Инстаграмера сурт
Браудэн Инстаграмера сурт

- Сан кабинет чу ца хецнера и, я кIуьран шашка а яцара иза. Цхьана хазаллин цIийне къевлинчу бараме хьошалгIа кхайкхинера со, цига Молотовн коктель чуластийнера.

- Полице хаам бирий аш?

- ХIан-хIа. Суна хаьара, иза мила ву. Цундела оцу стагна тIе а вахана, ас айса ерзийра конфликт. Краснодарера вахархо вара иза.

- Оьрсийчуьра хьо дIавахна аьлла, хаамбина ахь. Гуттаренна а вахна хьо, я цхьана ханна?

- Цхьана ханна. Йоллу Европехула пластикан, хирургин академешкахь мастер-классаш гайта дезаш ву со. Ишта-м кеста Кавказе воьдуш ву со. Соьлжа-ГIалахь а кхочур ву, Бакох а гIур ву. Дуьйла шу а сан цхьанакхетаршка, сан балхе хьажа, шайн бIаьргашца гур ду шуна тIаккха дерриг а.

Тамаше ду цхьа хIума. Браудэ Емельяна ца дуьйцу муьлхачу Европан шахьарехь ша ву а, я стенгахь доьшуш ву а. Цхьана а косметикан фирман, салонан, компанин коллархойн тептаршкахь билгалъяьккхина а яц цуьнан цIе.

Дагестанехь семинарашкахь дакъалоцучаьрга ахча тIедаккха аьлла, цо довзийтинчу картан долахо "Зухра Ашиковна А." ю

"Кавказ.Реалии" портална цхьана а кепара комментареш цунах лаьцна ца елира Сбербанко. Косметологаша-лоьраша чIагIдо, Браудэ Емельян цIе йолуш стаг ван а вац, косметологин тIегIане валархьама цо ша кхоьллина псевдоним ю иза бохуш.

Тхоьца хиллачу къамелехь, Dermaren и Emelianox препараташ ша лелош вац Браудэс аьллехь а, Инстаграмерчу шен аккаунтехь гойтуш ю цо уьш, мехаш а довзуьйтуш.

Соьлжа-ГIалахь битаме далонза дуьсу нехан дакъош пачхьалкхан долаэца, аьлла мэрига Кадыров Рамзана. Стенна дуьсу нехан дакъош деса?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG