Оьрсийчоьнан Конституцин кхело къастийна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар.
Шина а агIонан векалша а, федералан органийн векалша а къамелаш динчул тIаьхьа Конституцин кхелан гIантдас Зорькин Валерийс дIахьедар дира, цу хаттарехула сацам тIеоьцур бу шаьш дIакъевлинчу рожехь аьлла.
Цо хаам бира, сацам дIакхайкхор болу хан билгалйоккхур ю шаьш тIаьхьо аьлла.