ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанан хаттар Оьрсийчоьнан Конституцин кхелехь къасторна шена эхь хета, боху нохчийн министро


Умаров Джамболат.
Умаров Джамболат.

Нохчийн-гIалгIайн доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар къастош кхеташо дIаяьхьира Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Лахьанан-беттан 27-чу дийнахь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министр Умаров Джамболат.

Хиллачу кхеташонна комментари еш, цо дIахьедар дина, шена эхь хета шина вежараллин къомана юкъахь цу тайпа къастор хиларна аьлла. Министро ша тешна ву боху, мостагIийн тIелетаршна хьалха вайнехан вежаралла тоьлур хиларх.

Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан зорбанан сервисо бинчу хаамца, нохчийн а, гIалгIайн а дозанца доьзначу хаттарехула дина жамI довзуьйтур ду кхо кIира далале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG