ГIалгIайчохь Магасан кIоштан кхело, 2 шо 11 бутт хан а тоьхна, чувоьллина меттигера оппозиционер Хазбиев Мохьмад. И хан цо токхур ю колонехь. Цул сов, Хазбиевна гIуда тоьхна 50 эзар сом барамехь.
Жигархо бехке лаьрра ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке а, меттигерчу Iедалшка а, низамаш лардон органашка а неха цабезам кхолла гIертарна а, бакъо а йоцуш, шен хIусамехь герз латторна а.
Хазбевс чIагIдарехь, иза хьийзош ву политикан бух болуш а, бакъонашларъярхо иза хиларна а.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?