Дахначу шеран терахьашца, доллу дуьненчохь 87 эзар зуда йийна. 50 эзар гергга – 58% зуда йийна цуьнан тIехьийзачу стага, я гергарчара. Зуламашца а, наркоманица къийсам латточу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин урхалло дина и жамIаш.
ХIора шарахь Казахстанехь хIусамехь лелхачу конфликташлахь 500 зуда ле. "Тапъаьлла ма Iе" цIе йолчу боламан жигархоша ялийна хIара статистика Астанахь.
Цара дехар до парламентан депутаташка, хIусамехь ницкъбарх, амал дайарх низамашкахь хийцамаш бар хьоьхуш.
Шен 15 шо кхаьчча маре елла Ардак, маьждигехь там-мах беш. Зудаберан 18 шо кхачале махбар Казахстанехь дихкина доллушехь, маре яхийтинера иза. Хьалхе маре йоI йигинчунна дуьхьал бехкузуламан гIуллакх доккху.
Тахана 27 шо ду цуьнан. ЦIийндас цуьнца къаьстачу хенахь, кхо йоI схьаяьккхина Ардакера. Ша цхьаъ йиссина иза хIинца.
"Берашна тIехь Iуналла латточу хьукмате яьллера со. Цара хан хIоттийра, суна бераш ган бакъо луш. Цаьрга бIаьргтоха со еъча, берийн дас пурба ца делира суна уьш ган. Мохь хьоькхуш, кхерамаш туьйсуш, маьттаза бага лейира соьга, урам мел бу. 6 шо долу сан жимахйолу йоI суна тIе а ца йогIу", - дуьйцу Абдугалиева Ардака.
Ардакачух кхоллам болу зударий дуккха а бу боху "Тапъаьлла ма Iе" боламан жигархоша. Кху шарахь 2 эзар гергга ницкъ беш, хьийзина зуламаш дина зударшна а, берашна а тIехь. Царех кхеле бевлларш кIезиг бу. Баккхий нах юкъа а хьовзий, маслаIат дой, ерзайо цу кепара конфликташ.
"ТIеIаткъам бо: талламчас а бо, ур-атталла лаьцначу адвокато а олу, хьайна луш долу ахча схьа а эций, дерзийтахьа и гIуллакх. Гергарчара а ца юьту, шаьш бохург ца дича", - дуьйцу "Тапъаьлла ма Iе" болам вовшахтоьхначу Смаилова Динас.
Ситуаци хийца Iалашонца, жигархой парламенте кхаьчна, депутате Смирнова Ирине дехар дина.
"ХIара ловзорг гой хьуна, Ирина Владимировна, лазаме делахь а, ницкъ бина беран символ ю хIара. ХIора депутатан стоьл тIехь хир йолуш ю иза. Цу тайнигах бIаьрг мел кхета, шуна дагахь хир ду аьлла хета суна тхан дехар", - аьлла Смаилова Динас.
Парламентан депутато Смирнова Иринас ша жигархойн агIонча ю боху, амма низамаш хийцарх гIуллакх хир дац ма хетта кеста аьлла цо.
"МаслаIат хила йиш яц шина агIонан цу кепарчу зуламехь. Адамна дуьхьал, хуьлийла иза зуда, бер, я боьрша стаг, зулам динехь, жоп дала деза шегара даьллачух. ТаIзар доцуш вуьтийла дац зуламхо", - аьлла, билгалдаьккхина цо.
Цкъачунна, лелачу низамашца, хIусамехь гIело латточу стагна ден таIзар - 15 дей- буьйсий чохь даккхийтар, я ахчанца гIуда тохар ду.