ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамашкахь Зурабишвили тоьлла хилар дIакхайкхийна Гуьржийчохь


Зурабишвили Саломе.

Гуьржийчоьнан харжамийн коьртачу комиссино дIахьедар дина Зурабишвили Саломе тоьлла хилар, 99,7 % кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа. Цуьнца и дарж къовсуш хилла Вашадзе Григола гулдина 40,44% кхаьжнаш.

Комиссино бинчу хаамца, Зурабишвилина шен кхаж дIабелла 1146063 харжамхочо, Вашадзена кхаж дIабеллачу нехан терахь ду - 778167.

Президентан харжамийн шолгIа мур хилла Гуьржийчохь кхаарин дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG