ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бизнесхочуьнгара нуьцкъала машен яьккхина кхо нохчо лаьцна Петарбухехь


Петарбухан полицино кхо нохчо лаьцна кхаарин дийнахь, меттигерчу вахархочуьнгара машен яьккхина аьлла, шеко йолуш.

ФАН (Федеральное агнество новостей) агенталло бинчу хаамца, шинарин сарахь 9 долуш кхаа стага тIелатар дина хилла Северный проспектехь тIекъелдинчу цIенна хьалха лаьттачу меттигерчу бизнесан компанин 35 шо долчу инарлин директорна. Цара, нуьцкъала дIа а яьккхина, дIайигина цуьнан Volkswagen Polo машен.

ШолгIачу дийнахь полицин талламхоша лаьцна 40, 32, 29 шераш долу кхо стаг. Гучудаьлларг ду уьш берш нохчий хилар. Цаьргара схьаяьккхина машен дIаелла дега.

Полици толлуш ю хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG