ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох нохчочуьнга бехк кховдийна Буденовскана тIелатар деш дакъалацарна


Гайтаман сурт.

Москох талламан комитето бехк кховдийна Нохчийчуьрчу вахархочуьнга Черхигов Хазвахе терроризм лелорна а, адамаш дайарна а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан талламан комитетан сайта тIехь.

Черхиговна бехке дуьллуш ду 23 шо хьалха Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Буденновскана тIелатар деш дакъалацар. Цу хенахь 17 шо хилла Черхигов лецира Москох ФСБ-н белхахоша Лахьанан-беттан 19-чохь.

Талламан комитетан векалша дийцарехь, и стаг бехке хилар гучууьдаьлла тешаш дина тоьшаллаш бахьана долуш.

ФСБ-но гайтира Черхигов лоцуш яьккхина видео.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG