ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистанан президентан протеже. Эзарнашкахь таджикаша сатуьйсу оцу кхажбаларе


Таджикийн йишлакхархо Хафизова Шахло
Таджикийн йишлакхархо Хафизова Шахло

Таджикистанан лаьмнашкарчу эвлахь лакхарчу классашкахь доьшучу Хафизова Шахлонна цкъа а ца моьттура, ша лекхна цхьа йиш бахьана долуш йоллу пачхьалкхехь а ша гIараер ю. Цо дIаолу халкъан илли тайначу Таджикистанан президенто Рахмон Эмомалис мехкан коьртачу шахьарехь хIоттийначу концертехь дакъалаца кхайкхира иза.

Президента езаш тIеийцира йиш

Цхьана дийнахь Камаробскан чIожан исбаьхьчу Iаламехь халкъан илли алар дехнера пачхьалкхан телехьожийлан журналисташа Шахлога. Цу тIера доладелира дерриг а.

"Тхайн школехь хуьлучу барамашкахь локхура ас хIинццалц и йиш. Амма суна цкъа а коьрте ца деанера, со оццул гIараер ю аьлла. Телевизионехь гайтинера ас йиш локхуш. Дагахь доцург хилира кхи дIа – соьга хаам кхечира президентна чIогIа хазазетта и илли аьлла", - дийцина Шахлос.

Цул тIаьхьа йиш лакха кхайкхира Шахло кху беттан 10-чу дийнахь полисхойн денна лерина вовшахтоьхначу концерте. Цигахь дакъалоцуш вара президент Рахмон а.

"Концертан чакхенехь кхечу декъахошца цхьана юха а сцени тIе елира со, цу хенахь президенто шена тIе кхайкхира со. Юха а лакхахьа и эшар, дийхира цо соьга. Со йиш лекхна яьлча хаьттира соьга Рахмона: "Школа яьккхича деша стенга яха лууш ю хьо?" "Лоьрийн говзалла караерзо лаам бу сан аьлла", - жоп делира ас. "Дика ду, ахь доьшур ду цигахь, амма дIатаса мегар дац эшарш лакхар", - аьлла, тIетуьйхира цо, дуьйцу Шахлос.

ХIинца Хафизова Шахло 11-чу классехь доьшуш ю Раштскан кIоштарчу Гарм эвларчу лоьмар 1 йолчу школехь. Таджикистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро дIаэцна иза шайн урхаллан "Сипар" ансамбле. Кху аьхка школа чекъяьккхинчул тIаьхьа Душанбе медицинан университете деша гIур йолуш ю иза, "Сипар" ансамблца концерташка а лелаш.

"Маре яха декъалйира со президенто"

Таджикистанан президентан агIончашна хетарехь, пачхьалкхан хиндолчунна сагатдечу Рахмона Iуналла до кегийрхойн. ХIан-хIа, ша шена пиар еш ву иза, я халкъана ша дагавохийта лелош бахьанаш ду аьлла, хьажам бу президентан ражан критикийн. Амма бакъду, Таджикистанан бахархой тешна бу, президентца цхьанакхетар хиллачун дахар дикачу агIор хийцалуш хиларх.

Пачхьалкхан "Сафина" телевизионан программийн редактор йолу Хьасан Тасмина Iораелира 2014-чу шарахь Таджикистанан президентца хиллачу цхьанакхетарехь йистхиллачул тIаьхьа.

Университете деша яха аьтто бира цуьнан президенто, доьшийла чекхъяьккхинчул тIаьхьа балха а ийцира "Сафина" телехьожийле. Карарчу заманчохь масех программийн автор ю иза пачхьалкхан телехьожийлехь.

2012-чу шарахь Лондонехь дIадаьхьначу Олимпикан Аьхкенан ловзаршкахь борза даьккхира, масала, Чориева Мавзуна. Таджикистанан президентан протеже ю иза а.

Рахмон Эмомали а, Чориева Мавзуна а
Рахмон Эмомали а, Чориева Мавзуна а

"Со йовза йолаеллачу муьрехь маре яхийта дукхахберш дуьхьал бара. Цхьана дийнахь спортан цIа схьадоьллучу церемонехь дара и, со президентца цхьанакхетча. ХIун планаш ю хьан аьлла, цо сайга хаьттича, Олимпикан ловзарш дирзинчул тIаьхьа, маре йоьдуш ю со элира ас. Со декъалйина, бокс дIа ма тасалахь элира цо. Масийтта бутт баьллачул тIаьхьа борзан мидал йохьуш Аьхкенан ловзаршкара цIа еара со. Толамца декъал а еш, хьайн хинйолчу карьерех ойла ян еза ахь аьлла, къадийра соьга Рахмона", - дагатуьйсу Мавзуна. 2012-чу шеран гурахь Бобоев Амоне маре яхара Чориева Мавзун.

Дагахь доцчу кепара Саидшонан кхоллам хийцина цхьанакхетар

Кушониен кIоштарчу хьехархочун Асроров Саидшонан кхоллам дагахь доцчу кепара хийцабелира президентца хиллачу цхьанакхетарх пайда а баьлла. Стохка аьхка Кушониен кIоштарчу Заргар эвла веанера Рахмон Эмомали белхан хьокъехь. Жигархошца цхьанакхеттачу хенахь микрофонна тIе а вахна, "ирс" ду тахана шена бIаьргашца пачхьалкхан президент ган аьтто хилар аьллера цо.

"Къона хьехархо хиларе терра, суо уггар а ирсе стаг хета суна, тахана хьуна хьалха дIа а хIоьттина хIара къамел дан сайн кхаж баларна, лараме къоман лидер", - аьллера Асроровс. Цул тIаьхьа ша цунна лерина язйина байташ дIаешнера.

Хьехархочо шен къамел дерзийначул тIаьхьа, Рахмон Эмомалис хаьттинера цуьнга, зуда ялийна вуй хьо аьлла. Иза ялонза вуй хиъча, кIоштан Iедалхошна тIедиллинера мехкан президенто Асроровна нускал лахар а, цуьнан ловзар дIадерзор а.

Асроров Cаидшо а, цуьнан нускал Худойдодова Марджона
Асроров Cаидшо а, цуьнан нускал Худойдодова Марджона

Президентан лаам кхочушбира кIоштан Iедалхоша хьем ца беш. Дарбан цIийнехь болх беш йолу медйиша Марджона ялийра цунна. КIоштан Iедалхойн делегаци яханера йоI дега-нене еха. Нускало дош деллера цуьнга маре ян, нагахь шен хинволчу цIийндас шега болх бойтур белахь.

Президентна хьалха Асроров вистхилла итт де даьлча ловзар хIоттийра цушиннан.

Президенто терго йина журналист Атовулло Хуршеди чIогIа лоруш ву таджикашлахь. Цо бахарехь, нагахь доьшийлан студент президентан протеже велахь, дукха лерина лелор ву иза дешна валлалц.

"Президенто терго йинчо шена еллачу шансех пайдаэцаре хьаьжжина хуьлу гIуллакх. Царех дукхахболчарна хаьа: урхалхочо шайн дола мел ден, шайн гIуллакхаш дика хир дуйла", - боху Атовулло Хуршедис.

Таджикийн Радио Озодин сайтехь ю кху материалан оригинал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG