Герз а доккхуш, Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна Москох. "Москва" агенталло бинчу хаамца, и инцидент хилла кхаарин дийнахь Таганскийн кIоштахь. Некъан йистехь лаьттачу BMW X5 машенна тIебахна хилла полисхой. ЦIеххьана цу чуьра араиккхина къайлавала гIоьртина ши стаг. Оццу хенахь дIахаьхкина къайлаяьлла и шиъ чохь хилла машен.
Полисхойх вада гIоьртинчу шиннах цхьаммо тапча а, урс а охьакхоьссина полисхошна а гуш. Цу шинан кехаташ теллича гучудаьлларг ду и шиъ 37 а, 31 а шераш долу Соьлж-ГIалара вахархо хилар. Цу шинан цIерш юьйцуш яц. Полицино лоьхуш бу царца хилла машенахь къайлабевлларш.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!