Нохчийчохь 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошца Улус-Кертана гергахь тIом бина ши стаг лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша. Цунах лаьцна хаам бина Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ).
Цу хаамца а догIуш, цу шиннах цхьаъ ву 43 шо долу Дудиев Нажмудин, ткъа шолгIа ву 41 шо долу Донашев ИбраьхIим. Талламан органаш цу шина стаге бехк кховдо дагахь ю масийтта артиклехула, шайна юкъахь "бандитизм" а, "низамаш лардон органийн белхахой байа гIортар" а долуш.
Официалан версица, Улус-Кертанан гергарчу хьунхахь хиллачу тIамехь нохчийн тIемалоша вийра 84 Оьрсийчоьнан эскархо, кхин 4, чевнаш хиллехь а, дийна висина кIелхьаваьллера.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!