ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIир ца эцча таIзар дина ца лору вайнаха


Набахтехь хан яьккхина араваьллачу, мацах полисхойн декъан хиллачу белхахочунна герз диттина ГIалгIайчохь. ЧIир екхна хила там бу бохуш дуьйцу. Цу бахьанашца ницкъаллийн структурашкара нах байина меттигаш дагалоьцу "Кавказ.Реалии" портало.

Дахначу кIирандийнахь Несаран кIоштарчу Яндарехь полицехь болх бина цхьа вахархо вийра, герз диттина. Оршотдийнахь гIарадаьккхира и гIуллакх "Интерфакс" агенталло.

Болчу хаамашца, шен кертахь дIасалелачу 34 шо долчу стагна маситтазза герз тоьхна, къайлабевллера зуламхой. Чевнех хьалха ца ваьллера иза, оцу мIаьргонехь велла хиллера.

"Хьалххе яьржинчу информацица, и стаг вийна хила тарло чIир йоькхуш", яздо агенталло, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташна тIе а тевжаш.

Бехктакхаман кодексан105-чу артиклца (стаг вер) гIуллакх долийна Талламан комитетан Несаран кIоштарчу декъо. Оццу артиклца бехкевина, набахтехь ворхI шо а даьккхина, 2015-чу шарахь араваьккхинера иза. Стаг вийначул тIаьхьа полисхойн могIаршкара а дIаваьккхира иза.

Стохка аьхка хаам баржийра, ГIалгIайчуьрчу масех некъо шайн чIирхо ву аьлла, дIакхайкхийна Сунжа-кIоштан полисхойн декъан хилла хьаькам Беков Мохьмад аьлла. Меттигерчу экстремизмна дуьхьало латточу центрехь (ЦПЭ) къизаллаш лелорца долийначу гIуллакхца набахтехь даккха кхо шо тоьхна цунна ГIадужу-баттахь. Бековна дуьхьалбевллера дуккхаъ нах гIалгIайн оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал бух боцуш гIуллакх цо долорна.

2015-чу шарахь ЦПЭ-н куьйгалхочун гIовсан даржехь Беков волчу заманчохь, Хазбиевна герз кхоьсина цо бохуш, чIагIдора жигархочун гергарчара. Кху беттан 27-чу дийнахь ГIалгIайчуьрчу Магасан кIоштан кхело набахтехь даккха ши шой, итт буттий кхайкхий Хазбиевна. Бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, артикл а юкъа а ялош.

ЦПЭ центрехь Iазапаш лелорца долийначу гIуллакхехь дакъалаьцначу гIалгIачо Муцольгов Зеламхас а дийцира "Кавказ.Реалии" портале, 2010-чу шарахь масех дийнахь шена тIехь ницкъбарх оцу центран белхахоша. Карабулакерчу криминалан полицин хьаькамна Нальгиев Илесна вен Iалашонца кIело йира айхьа алий, тIелаца бохуш.

"Цунна тIаьхьабевлла нах бара, лецначарна тIехь ницкъбина ву иза, чIир кхайкхийнера цунна. Иза лачкъийна вигале, цхьана тезетахь нисвеллера со Нальгиевца. Иза дIавоьдучу заманчохь, цуьнан машенна герз диттинера. Нальгиев муьлхачу машенца вара ас дIахаийтина сайн накъосташка аьлла, бехк суна тIебилла гIоьртира уьш.

Ма дарра дийцича, Нальгиевл а цхьа ши сахьт хьалха дIаваханера со цу тезетара", - дуьйцу Муцольговс. 2012-чу шарахь Нальгиев Илесна 8 шо хан туьйхира, лецна балийначарна тIехь Iазап латторна.

ГIалгIайн оппозицин лидер лаьттинарг ларамза вийна цо аьлла, арахь яккха хан туьйхира 2010-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу центран куьйгалхочун гIовсна, Ingushetia.ru сайт лелочу Евлоев ИбрехIимна.

2010-чу шарахь кафе чохь иза хIума кхоллуш волчу заманчохь, цхьана стага масийттазза герз туьйхира Евлоевна а, цуьнан хадархочунна а. Цо вийначу оппозиционерах чIир эцна бохуш, даржийра хIетахь а.

"ЧIир кхайкхочу хенахь наха тергоне ца оьцу оцу стеган статус а, я иза мича даржехь ву а. Хетарехь, маьIне дац, низамашкахь "чIирхона" таIзар дина хилар а. Шен чуьра стаг вийначарна цунах тоам ца хуьлу, барам боцуш хуьлу цаьрга деана вон. Делахь а, пачхьалкх шен функцешца ларош цахилар, къепе цаьрга латталуш цахилар а ду кхузахь гуш дерг, чIир екхар юкъара дIадаьлла цахиларо гойту и", билгалдоккху меттигерчу юристо.

ЧIир кхайкхоран Iадат – ламаст хилла дисина. Цуьнца а догIуш, вийначун гергарчарна бекхамбар тIедужу куьгбехкечунна, я цуьнан гергарчарех цхьанна.

Вовшашца мостагIалла лаьттачу доьзалашна юкъахь маслаIат лелош лерина комиссеш ю вовшахтоьхна Кавказан регионашкахь. 2009-чу шарахь ГIалгIайчохь а кхоьллира маслаIатан комисси. Болх бан йолаелчхьана, цуьнан декъахоша масех бIе доьзалш вовшаца берта бахийтина. Дахначу шарахь 16 доьзалш тIебитира церан гIоьнца.

Текстан автор Сугуева Юлия, гочдинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG