ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзаман сурт хIоттийна 400 эзар сом эцна Нохчийчуьрчу вахархочо


Гайтаман сурт.

Зенна юкъара хиларехь курхалла дарна бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчохь. Жоьпе озийнарг ву, веза-вевзаро гIо а деш, шена некъахьовзам хилар тардина 44 шо долу меттигера вахархо. Цу кепара зенна юкъара хиларан компанера цо даьккхина 400 эзар сом.

Талламан комитетан меттигерчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Porsche Cayenne Turbo машенан долахо волчу стага а, цунна вевзаш волчу ВАЗ-21104 машенан долахочо а Теркйистан кIоштахь сурт хIоттийна хилла шаьшшина машенаш тIеттIакхетта аьлла. Цунах лаьцна яздо "Обзор" сайто.

Низамашца а догIуш, цу тайпа харцо лелийначунна 300 эзар сом барамехь гIуда тохар догIу я машен лело бакъо дIаяккхар догIу 4 шаранна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG