ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Украинехь лелочунна комментари йина Трампа


Iамеркан президент Трамп Долналд дакъалоцуш ву Аргентинин коьртачу гIалахь Буэнос-Айресехь дIаьйоьдучу G-20 саммитехь.
Iамеркан президент Трамп Долналд дакъалоцуш ву Аргентинин коьртачу гIалахь Буэнос-Айресехь дIаьйоьдучу G-20 саммитехь.

Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигашкахь хила безаш боцу хийцамаш хилла, ткъа ша "лууш вац царах цхьана а кепара хьакхавала" аьлла, Iамеркан президенто Трамп Доналда, "Iамеркан аз" корпорацин Буэнос-Айресехь волчу корреспондентана интервью луш. Трамп дакъалоцуш ву Аргентинин коьртачу гIалахь дIаьйоьдучу G-20 саммитехь.

Украиница хилларг бахьана долуш, цуьнан хIорда кеманашца а, хIорда эскархошца а хилларг тидаме а оьцуш, цу саммитехь дакъалоцучу Путин Владимирца цхьаьнакхета аьтто боцу хан ю, амма ша цуьнца цхьаьнакхетар ву, кхечу хенахь, бохуш вара Iамеркан президент.

Трампа шена ца хаьа элира Путинан дагахь дерг, Оьрсийчоьнан президент хIун дан гIерташ ву Украинехь аьлла, шега хаттар дича.

- Цуьнан ойланаш еша аьтто бац сан. Цхьаьнге а ца ешало уьш. Цунна хаьа хир ду шена оьшург. Амма вай, хIумма а ца деш, хоьжуш Iойла дац цу хиламашка", - элира Трампа.

Оьрсийчоьнца а, Китайца а, кхечу пачхьалкхашка а дика юкъаметтигаш хила еза Iамеркан, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG