ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 12 эзар вахархочунна дихкина Оьрсийчуьра аравалар


Оьрсийчуьра аравалар дихкина Нохчийчуьрчу 12 эзар вахархочунна республикерчу суьдан пурстоьпаша. Царна юкъахь ву банкера кредит эцна 5 эзар стаг.

Кхин а 112 стаг ву хIусамненаца дисинчу шен берана ахча дIа ца делла. Ткъа 1400 нохчочо дIа ца делла коммуналан хьашташна дала деза ахча.

Цул сов, дIасавала йиш йоцучу нахана юкъахь бу ял дIа ца елла а, некъан низам дохорна тоьхна гIуданаш шен хеннахь дIа ца делла а нах.

Суьдан пурстоьпийн федералан сервисан Нохчийчуьрчу урхалло дийцарехь, кхечу пачхьалкхе ваха махкара аравалар доьхкуш ду республикехь лаххара а 10 эзар сом тIехь декхар долчу бахархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG