ДIабирзина Оьрсийчуьрчу аэропорташна цIераш тахкарца боьзна "Оьрсийчоьнан сийлахь цIерш" цIе йолу къовсам. Цуьнан жамIаш довзуьйтур ду ГIуран-беттан 4-чу дийнахь.
Цкъачунна болчу хаамашца, Калининградехь 34 процент кхаьжнаш дIаделла император хиллачу Елизавета Петровнина. ШолгIа меттиг йоькъаш ву советан маршал Василевский Александр а, немцойн философ Кант Иммануил а.
Кант цхьана юкъана хьалхаваьллера массарел а. Амма цуьнан цIарна гонаха дов иккхинчул тIаьхьа, философан хIолламна а, кешнашкарчу цуьнан чуртана а тIе басар тоьхнера зуламхоша.
Минводерчу аэропортана цIе туьллуш хьалхатеттинчу 10 стагана юкъахь кхоалгIачу муьре евллера поэтан Лермонтов Михаилан а, инарлан Ермолов Алексейн а, лоьран Смирнов Семенан а цIераш.