Iамеркан президенто Трамп Долналда а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а доцца къамел дина G-20 тобанан саммит йоьдучу хенахь, хаам бина КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро Сандерс Сарас.
"Цу тайпаниг дуккха а агIонаш дакъалоцучу мероприятешкахь хуьлш ма хиллара, дIаяханчу суьйранна хIумакхоллуш президентан Трампан а, цуьнан хIусамненан а маситта формалан доцу къамел хилира дуьнентIерчу лидершца, шайна юкъахь президент Путин а волуш", - аьлла Сандерса, журналисташа Трамп цхьаьнакхийтирий Буэнос-Айресехь Путинца аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш.
Саммит йолаялале хьалха Iамеркан президенто юхадаьккхира шен Оьрсийчоьнан президентца хила дезаш долу официалан цхьаьнакхетар, Украиница боьзна хиламаш бахьана долуш.
Буэнос-Айресехь хиллачу зорбанан конференцехь Оьрсийчоьнан президенто дийцира ша Трампца къамел дина хиларх лаьцна. "Шина дашца ас жоп делира цуьнан Iаьржачу хIорда чохь хиллачу инцидентах лаьцна хаттаршна. Цуьнан шен позици ю цу хаттаршкахула а, проблемашкахула а, сан сайн ю, тхойшиъ оццу тIехь висира, амма ас, мухха делахь а, хаийтира цуьнга и инцидент тхайна муха го", - даладо Путинан дшнаш ВВС-но.
"Iамеркан аз" порталана ша еллачу йоккхачу интервьюхь Трампа дийцира, коьртачу декъана Мексикица а, Канадица а, Китайца а, Японица а йолчу юкъаметтигех лаьцна а, цу пачхьалкхашца экономикан юкъаметтигаш кхиар муха хир ду бохучух лаьцна а.
Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хьахийча, президенто Трампа жоп делира шина хаттарна.
- Хьо дагахь вара, лаххара а, ахь хила мега аьллера президентца Путинца цхьаьнакхетар, ткъа хьо юхавелира. Нагахь цхьаьнакхетар хилча, хIун дуьйцур дара аш?
- Бакъдерг аьлча, Украиница хилларг гуш а долуш, Украинин хIордан кеманашца а, хIордхошца а хилларг тидаме эцча, цу тайпа цхьаьнакхетар дIадахьа билгаляьккхина хан аьтто боцуш яра. Амма со цуьнца цхьаьнакхетар ву. Суна хетарехь, тхан дика юкъаметтигаш ю, суна хета тхан вуно дика меттигаш хир ю аьлла Оьрсийчоьнца а, Китайца а, ерриг а кхечу пачхьалкхашца а. Суна иза мехала ду аьлла хета. Цундела со цхьаьнакхетар ву цуьнца (Путинца) аьтто болчу хенахь.
-Украинехь кхин дIа хIун дан дагахь ву аьлла хета хьуна иза? Украинин хIордан кеманаш а, хIордахой а хIунда дIалецна цо?
- Соьга ешалур яц цуьнан ойланаш. Цхьанге а ешалур яц уьш. Цунна хаьа, ша хIун дан гIерташ ву. Амма цхьадолу хIуманаш хуьлуьйтила дац вай. Делахь а иза хилла. Ткъа сан аьтто бац цу юкъахь дакъалаца, - элира Iамеркан президенто "Iамеркан аз" зорбанан гIирсана ша еллачу интервьюхь.