ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Порошенкос даймахках баьхна украинхой


Украинан президенто Порошенко Петрос шайн пачхьалкхе бакха дихкина Оьрсийчуьрчу 16 шарера 60 шаре кхаччалц болчу божаршна. Цуьнан сацамах комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Украинхой даймахкахь баьхна Порошенко Петрос. Оьрсийчуьрчу боьршачу нахана доза дIакъовларца оьрсашна а, пачхьалкхерчу кхечу къаьмнашна а ша тохар до моьттура цунна. Ма-дарра аьлча, исторехь буьйцучу диктаторшна коьрте ца деанарг ду цо динарг. Официалан терахьашца, ши миллион сов украинхо ву тахана Оьрсийчохь вехаш. Ткъа багарбина а вер вац, Украинехь бина а, кхиъна а болу оьрсий а, кхечу къаьмнех а схьабевлларш а. Порошенкос дихкина царна шайн гергарчу нахана а, беллачарна тIехIитта а бахка, - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Билгалдоккху, эзарнашкахь нохчий бу тахана Европехула, Гуьржийчухула, кхийолчу а пачхьалхкашкахула дIатарбелла бехаш. Европерчу диаспоран кеп-кепарчу терахьашца, 150 эзарна тIера 300 эзар гергга нохчий бу махках бевлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG