ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковра десантхошна Нохчийчохь тIелетта ву аьлла, ши вахархо кхеле валийна


2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, лаьцначу Донашев ИбрехIимна а, Дудиев Нажмуддина а бехкаш тIечIагIдина аьлла, хаамбо Талламан комитетехь. Байначу беттан 29-чохь Дудиев а, Донашев а чохь вуьтуш, кхело сацам тIеэцна. Талораш лелор а, зуламечу тобанехь дакъалацар а, эскархошна тIелатар дар а бухе а дуьллуш, жоьпалле озийна 41 шо долу Донашев ИбрехIим а, 43 шо долу Дудиев Нажмудди а, хаамбо "Кавказан узел" агенталло, Талламан комитетерчу хьостанна тIе а тевжаш. Цхьадолчу декъанна бехк тIеэцна цара аьлла талламчаша. Басаевн тобанехь шаьшиъ хилар бакъдо, амма Улус-Кертахь хиллачу тIамехь шаьшиммо дакъалацар тIе ца дуьту.

Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG