ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гагиев Асланан бехкхилар тIечIагIдина талламчаша


Гагиев Аслан
Гагиев Аслан

Оьрсийчохь иттанашкахь зуламаш динчу гоьваьллачу криминалан авторитетна Гагиев Асланна бекх тIечIагIбина талламчаша. Австрино Оьрсийчу экстрадици йира Гагиевна пхи бутт хьалха. Иза бехкево зуламан юкъаралла кхолларна а, талорхойн кхо гIера вовшахтохарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Шена дохку бехкаш тIе ца лоцу Гагиевс, яздо "Коммерсанто".

Газетан хаамашца, цунна дуьхьал айдина гIуллакх 160 томах лаьтташ ду. Гуьржийчуьра схьавалар долчу Гагиевс шен криминалан карьера йолийна Къилба ХIирийчохь. Цигахь зуламхойн тоба вовшах а тоьхна, бизнесхойн а, хьаькамийн а, полисхойн а доь дойура цара. ТIаьхьо оцу тобано зуламаш леладора Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а.

Гагиевн тобано Москохан кIоштахь а, Москох а, Къилба ХIирийчохь а 49 зулама дина. Талламан комитетан зерашца, 60 сов стаг вийна цара.

Цу тобан гIуллакх кху шеран Гезгамашин-баттахь Къилба ХIирийчуьра Москох дIакхачийра кхи дIа талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG