ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОПЕК юкъара йолуш ю Катар


2019-чу шеран хьалхарчу баттахь мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхийн вовшахтохараллана (ОПЕК) юкъара йолуш ю Катар. Пачхьалкхан энергетикан министраллан керлачу урхалхочо ал-Кхааби СаIида бина хаам оршотдийнахь. Цо бахарехь, организацига хIинцале а Катаран планех хаам дIакхачийна.

Уггар а коьртехь СаIуда-Iаьрбийчоь а йолуш, ОПЕК юкъа йогIу 15 пачхьалкх. Дахначу шарахь дуьйнна телхина йогIу Катаран а, СаIуда-Iаьрбийчоьнан а юкъаметтигаш. Дохаца шен зIенаш дIахедийна Эр-Риядо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG