Хетарехь Нохчийчуьрчу Ойсхара эвланна тIехула хилла эккхийтар, дуьйцу меттигерчу бахархоша, яздо "Кавказан узел" агенталло. Telegram-канал ChechnyaNews хьостано Iораяьккхина хиллачу эккхийтарх информаци.
"ХIаваэхь иккхинчух тера дара. Цкъачунна хууш дац, хIун яра иккхинарг", аьлла ду хаамехь. Кеп-кепара версеш юьйцу и сурт гинчара. Кема иккхинчух тера ду, я кеман тIера бомба кхоьсинехь а, дуьйцу социалан машанашкахь.
Инстаграмерчу chp_groznyy группехь momento737 ник йолчо яздо: "Со аэропортна уллохь Iаш ю. Суна-м кема чудеана моьттура".
Цхьаболчара дуьйцу, иккхинчун гIовгIа Шелахь а цхьана хезаш яра бохуш. Суьйранна
18.37 минот яьллачу хенахь а Нохчийчуьрчу орцан министраллан сайт тIехь цхьана а кепара информаци яц хиллачух, яздо "Кавказан узел" агенталоло.