ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин къайлах сервис: Оьрсийчоьно кхерам бохьу махканна


Стохка кибер-тIелетарш дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Чехин арахьарчу гIуллакхийн министраллина. Оцу хьокъехь боху Чехин кхерамзаллин а, информацин а Урхалло ша шарахь цкъа бечу хаамехь.

Динчу жамIашна тIе а тевжаш, терроран а, тайп-тайпанарчу зуламхойн а организацешкарчул дукха Оьрсийчоьно талхайо шайн пачхьалкхан кхепе. Кибер-тIелетарш дарал совнах, Атлантикан альянс а, Евробарт а малъеш йолу "гибридан стратеги" ю Чехина тIехьажийна, боху Урхалло. Дуьйцург ду шпионалла лелор, махкара коьрта компанеш, индустреш караерзош, Оьрсийчуьрчу информацин компанешна къайленаш дIакхачош хьийзар.

Рапорто, хьалха заманашкахь а санна, хоуьйту Прагерчу Оьрсийчоьнан векалтехь хила оьшучул а дукха дипломаташ хилар. Шпионаллина дуьхьаллаьтта Чехин ницкъаш тешна бу оцу белхахойх цхьа дакъа Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна болхбеш хиларх.

Чехин арахьарчу гIуллакхийн министраллерчу 150 белхахочун электронан пошта яьстина ФСБ-на, ГРУ-на (Оьрсийчоьнан тIеман иччархойн урхалла) информаци дIалуш болчу хакерша, боху Чехин низамхоша.

Оьрсийчоьнан агIоно цкъачунна комментари елла яц шена буьллучу бехканна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG