ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенко: Дуьненаюкъарчу кхеле арз кечдеш ю Украина


Керчан гечонехь Оьрсийчоь тIелатарх лаьцна Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Дуьненаюкъарчу кхеле арздан йоллу Украина. И хаамбина президента Порошенко Петра ICTV телеканалехула.

Бахначу беттан 25-чу дийнахь дIалецначу Украинан хIордхоша ца дохийна дуьненан цхьа а низам, Iаьржа хIорда тIерачу юкъарчу акваторехь тIелеттарг ю Оьрсийчоь, элира Порошенкос.

ДIалецнарш кхачабойла дац Оьрсийчоьнан кхела кIел, уьш агрессица лецна тIеман йийсархой бу, Женевехь тIеэцначу конвецица а догIуш. "Дерриг а дуьнено къахьега деза" лецнарш цIехьаберзош а, агрессина таIзар деш а, дIахьедира Украинан президента.

Аннекси йинчу ГIирмина гергахь кхаа тIеман хIордакеманца хилла 24 эскархо шина баттана дIалаьцна Оьрсийчоьно. Москох, "Лефортово" а, "Матросская тишина" а изоляторшка кхачийна уьш – бехкедо пачхьалкхан доза хадор. 6 шаре кхаччалц ду цунна ден таIзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG